ГлавнаяНовости25-г1а апрель - Нохчийн мет...

25-г1а апрель - Нохчийн меттан де!

204 просмотра

Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц

Мамакаев Мохьмад

 

 

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указаца д1акхайкхина 25-г1а апрель, нохчийн меттан де ду аьлла. Х1инца 12-г1а шо ду и де Нохчийчохь хилла ца 1аш, дуккха а кхечу меттигашкахь а даздеш долу.